Текст песни

Аренца хьо ейча ас
Сайн даг чохь къуьйлур ду ов
Ткъа хезча хьан мерза аз
Ч1аг1лур ю сан синан чов
Хьо нехан хилар а гуш
Ойланца хоттур ду хьоь
Вай безам цунна д1алуш
Ирс долуш ехий те хьо

Иллешкахь дийцина, маьлх з1аьнарш хьистийна
Ламан ц1ен зезаг дар хьо
Амма орамца даьккхина
Даьхьи хьо шийла мохо
Аренца хьо ейча ас
Сайн даг чохь къуьйлур ду ов
Ткъа хезча хьан мерза аз
Ч1аг1лур ю сан синан чов
Хьо нехан хилар а гуш
Ойланца хоттур ду хьоь
Вай безам цунна д1алуш
Ирс долуш ехий те хьо

Рекомендации